Викторина 6 класс 2


Ц1е: Нохчийн меттан викторина.
1алашо: Нохчийн меттан хаарш т1еч1аг1дар, ненан матте болу безам кхиор.

Хьайн ненан мотт хаахь ,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.

Цунах ма херлолахь,
Мел дукха вахарх,
Ненан мотт – хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь.


Тахана вай д1ахьур ю нохчийн меттан денна лерина викторина.
Викторинехь дакъалоцуш ю ши тоба. Т1едилларш довзийтале хьалха дакъалацархоша йовзуьйту шайн тобанийн ц1ераш:



Даймехкан аз.
Ненан мотт.

Х1ора тобанна шен – шен капитан хила веза. Ц1ераш яха шан капитанийн.
Х1инца вай д1одолор ду вайн ловзар – къийсадалар.

Хьалхара т1едиллар:

Язъе предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш.

Шолг1а т1едиллар:

Синтаксически таллам бе х1окху предложенешна:

Малхбалехьара схьаевлира 1аьржа мархаш.
Олхазарш бовхачу махкара схьадаьхкира.

Кхоалг1а т1едиллар:

Х1инца х1ора тобанера декъашхочо нохчийн маттахь къастош дагахь стихотворении юьйцар ю.

Доьалг1а т1едиллар:

Шайна бевзачу нохчийн яздархойн ц1ераш йийца.

Пхоьалг1а т1едиллар:

Билгалдаккха ма-дарра къамел а, авторан дешнаш а:

« Х1ан-х1а, дада, - элира Асета, - корта лозу сан».
« Ва, к1ант, хьо стенга ваханера?» - элира дас шен к1анте.

Йолхалг1а т1едиллар:

Муьлхачу чкъурга чохь ду алссам дешнаш? Сахьтан цхьамза лелачу аг1ор д1адеша дешнаш.


Къа, къахь, ахь, да, дан, къахьдан.
къа, къахь, ахь, хье, хьега, къахьега.

Ворх1алг1а т1едиллар:

Муьлхачу произведени юкъара ю х1ара отрывок? Мила ву цуьнан автор?

Мац ч1ог1а веллера,
Кхача а бацара.
К1ад ч1ог1а веллера,
Садов хан хиллера.
Кхид1а бан безачу
Некъан ойла а еш,
Гонаха б1аьрг тоха,
Берд лекхчу велира.

Лекхачу цу бердийн
К1оргачу варшара
Ц1еххьана схьаиккхира
Цхьа жима сен к1орни.
Бузуш ц1ийбеллачу,
Малхо ша ц1ийбинчу,
Бердан басахь и к1орни
Ц1ен седа хетара.

( Билал Саидов « Майра к1ант Сулима».)


« Эх1, ма к1ант ву
Ас кхиийнарг!
Эрна кхача
Ас баийнарг!
Д1авалахьа
Сиха к1иллу!
К1ант – ц1е, иштта
Кхоьруш хуьлу!
Къуй баьхкинехь,
Х1инца хецна,
Д1аг1ур бара
Со а эцна,
Х1ара ков керт
Дерриг хорцуш,
Орцахвала
Да а воцуш,
Хьо к1иллу а витина
Кхерош не1 а
Йитина .
Эхь ду хьуна!
Эхь ду! Эхь ду!
Стогаллех дерг
Хьоьгахь г1ехь ду!»

( Саь1ид Гацаев « Чкъоьрдиг». )




Борх1алг1а т1едиллар:
Кицанаш дукха хьанна хаьа. Ас кицанан хьалхе юьйцу, аша кицанан чаккхе юьйцу. Х1ора командана пхиппа кица хир ду.
Уьссалг1а т1едиллар:
Х1ора командана х1етал – металш лур ду пхиппа.

Уьтталг1а т1едиллар:
Уьн т1е цхьацца декъашхо вог1у х1ора коммандера, ц1ердешнаш лего (яздархо, яздархой).


Цхьайтталг1а т1едиллар:
Шина а командо цхьацца сценка х1оттайо.

Кхойтталг1а т1едиллар:

Кху дешнех предложенеш х1иттае, нийса д1аязъе уьш:

бераш т1ехь хехкало 1ай салазаш
хьанах пхьагал лечкъа
хаза седарчий къега мел
Аслана а лайн мижаргаш Рустама а детта


Х1ора предложенера грамматически лард
къастае.

Дейтталг1а т1едиллар:


Х1етал-метал хоийла шуна, вай долчу хьошалг1а муьлха акхарой яьхкина.


Пхуьйтталг1а т1едиллар:

Г1алаташ нисдай, предложенеш х1иттае:





Йолхитталг1а т1едиллар.
Чекхдаха мог1анаш:

1.Предложенеш,аларан 1алашоне хьаьжжина, хуьлу .
2. Аз ойуш,ч1ог1а олучух предложени олу.
3. Цхьана г1уллакхах я хиламах лаьцна
хаам бечух .. предложени олу.
4. Шен чулацамца хаттаран маь1нехь йолчух .. предложени олу.


Вуьрх1итталг1а т1едиллар:

Юьхь а къастош, оьшу сацаран хьаьркаш а х1иттош, д1аязъе предложенеш:

гаьннаш т1ехь 1аш ду хьозарчий церан некхан у ц1ен ду х1ун ю оцу олхазарийн ц1е уьш лайн хьозарчий ду мел хаза ду уьш бераш, олхазаршна х1ума тасалаш
Берх1итталг1а т1едиллар:

Ц1ерметдешнех б1ов йота.
Ткъайоьсналг1а т1едиллар:
Х1ора тобано красворд кхочушйо.
Ткъолг1а т1едиллар:

Легадо ц1ерметдешнаш – Цигарнаш, Хьенех.
Т1аьххьара гойту ненан маттах лаьцна презентации







Приложенные файлы


Добавить комментарий